Жимма «Нохчалла» хьокъехь
Хьаша
Цхьана хенахь-м, аьтто болчо, цIенойн цхьаьна тхевна кIелахь а доцуш чу-ара вала цуьнан аьтто хилийта, хьешана шена олий цIа дугIуш хилла. Оти олуш хилла цунах цу чохь текх-цаца ца лелоре терра.
Буьйса йуккъе йаххалц чиркх дIабайъа йиш а ца хилла нохчочун, хьанна хаьа, дай меттах ца хьебер ша аьлла, вогIуш волу хьаша йуха волий а.
Хьешанна тIе цхьа а декхаран дукъ дожа а ца дужу моттар а дац вайна тахана моьттуш делахь а бакъ. Нагахь цхьа деза, доккха наша дохьуш веъна вацахь, буьйса йуккъе йаханчул тIаьхьа хIусамден доьзал меттах хьебан йиш ца хилла цуьнан. Хьешан цIа чу а вахана, даима цу чохь латтош йолу хIума а кхаьллина, буьйсанна паргIат волуш хилла иза.
ХIусамехь Iуьйранна ламазана хьалха хьалагIаьттинарг, уггаре а хьалха хьешан цIа чу хьожуш хилла. Сакъера Iалашо йолуш, хан йаьллачу хенахь веъначу хьешана шена леринчу цIийнан баьрччехь кхозуш пондар-вота ца гича, хIусамна тIе цхьа вон деъна хилар хууш хилла.
Цу хьолехь хьаша йухаваларх бехкен лоруш ца хилла.
Post #195
394

- ❤ 2