TGViewer
🟢 Чеченский язык Нохчийн мотт @chechez 🟢 Чеченский язык Нохчийн мотт @chechez @chechez · 149 subscribers
Post #201 893
Жимма а «Нохчалла» хьокъехь:

Хьаша

ШолгIаниг (кIорггера маьIна долуш гIуллакх ду иза а). Бакъду, йуьртарчу шен хьешан декхарна кIелхьара волуьйту тIевеънарг, нагахь санна иза цу йуьрта цхьа вон кост дохьуш кхаьчнехь (масала, велларг валош). Цуьнан декхар, кхаа дийнахь-буса Iийна а, тезета оьхуш долу адам лахдаллалц а цигахь дакъалоцуш саца декхарийлахь ву иза.

Хьешо, кевне кхаьчча, хIусамден цIе а йоккхий, «чохь вуй хьо?» – олий, мохь туху. Араваьллачу хIусамдас, салам-маршалла хоттий: «охьавосса, чу вола», – олий, дехар до. Шоззий а аьлча шега доьхург цо кхочуш ца дича хIусамдас: «Хьо-м хьайн рицкъана тIевеънера, хала дера дара, иза а эцна, хьоьга дIакхачо гIерташ, сан хьо леха дезнехь; охьавосса, хьайн рицкъанах ца кхеташ дIаваха пурба дац хьуна».

Цул тIаьхьа и хьаша чу ца вагIахь, дIасакъаста йиш йу цаьршиннан. Хьаша-м ховха, гергара, эвхьаза вара бохуш, ша вуй ца хоуьйтуш чугIертар, оьзда доцучех лерана ду нохчашлахь: ша а, хIусамда а йуьхьIаьржа ца хIотто леладо иза.
  • ❤ 1
More from @chechez
  1. May 27, 2026Дала декъалдойла шу дезачу денца - ГIурбанан Iийдаца. Дала гIурба къобалдойла, сагIанаш а,…
  2. Apr 7, 2026😊Цхьа а керла дош девзин хьуна❓ Узнали для себя новое слово? ⠀ Не забудь поставить лайк и…
  3. Feb 26, 2026photo post
  4. Jan 1, 2026🎄 Друзья, поздравляем вас с Новым 2026 годом! 🎁 🎇 Пусть новый год, как чистый снег, ляж…
  5. Nov 17, 2025Немного о «Нохчалла» Имеющий г1иллакх: - если попадет туда, где едят, не стесняясь, присое…
  6. Nov 6, 2025Немного о «Нохчалла» Воспитание настоящих чеченцев Никогда и нигде не отступай и не сдавай…
Threads Profile ViewerView any public Threads profile without an account.Open ThreadLook →Writing with AI? Make it sound human.Metric37 rewrites AI drafts so they read naturally. Free AI detector, 1,500 words free.Try Metric37 →